Нидерландийн "Боингана" ракета тоьхна хилар тIечIагIдина талламхоша

"Boeing 777 MH-17" дохар бахьана толлуш вовшахтесна "Боинган" дакъош.

Нидерландашкарчу кхерамазаллин кхеташоно зорбане даьккхинчу рапортехь билгалдаьккхина ду, Украинехь чудаийтина хилла некъахой чохь болу Боинг-кеманна Оьрсийчоьно йиначу „Бук“ комплексан ракета тоьхна бохург.

Оьрсийчоьнехь болчу сепаратисташа дIалаьцначу меттехь Нидерландашкара Малайзе доьду маьрша некъахой чохь болу Боинг кема чудоьжнера даханчу шеран аьхка. Цу чохь мел хилла волу 298 стаг вала а леш баьллачу бохамна куьгбехкенарг къайстина ца волуш шо сов хан яьллера. Эххара а шинари дийнахь и гIуллакх толлуш хиллачу Нидерландерчу кхерамазаллин кхеташоно зорбане даьккхина доллучу дуьнентIехь а боккхачу сатийсамца лардеш хилла шайн рапорт.

Нидерландийн инарла прокуратурин сайта тIех зорбане даьллачу рапортехь яздина ду, Амстердамера Куала-Лумпур гIала доьдуш хилла кема сепаратисташа дIалаьцначу лаьттатIера стигал хьажийначу Бук цIе йолчу зенитийн комплексан ракетано чудаийтина ду бохуш. Ткъа и зенитийн комплексаш Оьрсийчохь йина ю.

Иштта рапортан авторша билгалдаьккхина, и ракета кхоьссинарш а, кхосса аалла омра динарш а, вуьшта аьлча, 300 герга стаг верна бехкенарш билгалбалха кадаьлла шайн аьлла. Бакъду, церан цIераш хIинца а зорбане яьхна яц.

Рапорт хIоттийначара иза кхетадо, Боинг кема чудаийтарх болу талламаш хIинца а дIабирзина цахиларца, и таллам тIедогIучу шарахь кхин дIа дIабахьа безаш хиларца а. Цул совнаха, бехкечеран цIераш юкъараллина йовзийтале хьалха кхин а бохаман тешашца хеттамаш дIабахьа беза талламхойн, ткъа иза дан вуно хала ду, хIунда аьлча и тешаш массо а карийна бац, ткъа карийнарш а талламхошца къамел дан а, шайна гинарг ма-дарра дийца а ца боьхьу бохуш яздо рапорташ авторша.

Нидерландийн кхерамазалин кхеташонан куьйгалхочуо Яутсра Тиббес меттигерачу Фолкскрант газетина рапорт зорбане даьллачул тIаьхьа ша еллачу интервьюхь билгалдаьккхира кхин цкъа а, Боингана кхетта йолу ракета малхбалерчу Украинерчу Оьрсийчоьнехьарчу гIаттамхоша дола дечу лаьттара тоьхна яра аьлла.

Шен рогIехь Нидерландийн инарла прокуроро Вестербеке Фреда журналисташка дIахьедар дира шинари дийнахь, Боинг чудаийтарна бехкечарна дуьхьал „Iалашонца нах байъар“ аьлла зуламан гIуллакх схьадоьллур долуш ду аьла. Амма царна дуьхьал и бехк таттале кхелехь цу бохаман массо а агIо теллина хиларна тоьшаллаш хила деза элира цуо.

Ала догIу, шинари дийнахь, голландхоша шайн рапорт арахецале Оьрсийчуьрчу Алмаз Антея цIе йолчу пачхалкхан концерно бохаман шен верси зорбане яьккхира. Цара шайн хааршна а, шаьш бинчу талламашна а тIе а тевжаш дацаре до, Нидерландашкарчу талламхоша дина жамIаш. Масала, оьрсийн агIоно чIагIдо, кема чудаийтина долу ракета гIаттамхой болчуьра кхоьссина яцара, Украинин пачхьалкхан эскарш долчу меттера кхоьссина яра бохуш. Цуо совнаха, цара чIагIдо, кема чудаийтинарг санна йолу ракеташ Украинин эскарийн долахь бIеннашкахь ю бохург а чIагдо цара.

Шина агIоно цхьана дийнахь зорбане даьхначу рапорташкахь сел бIостанера хаамаш хиларх цецволийла дац аьлла хета и бохам шен тергонехь латточу политологна Асхабов Хьамзатна. ХIунда аьлча, цунна хетарехь, и ший агIо бакъдерг лахарна а, иза юкъараллина довзийтарна а метта, шен-шен позицеш бакъйеш долу тоьшаллаш лоьхуш ю.

Асхабов Хьамзат: „Европерчу коммисино юьхенца дуьйна и Боинг чудаийтар толлуш тидам бан йиш яра цара шаьш кхин долу кеманаш чудар толлуш ма-хиллара сихаллийца и хIума кхочушдеш доцийла, цара бохам хиллачу меттехь охьалегна йолу кеман дакъош гулйар а, уьш цигара араяхар а ледарчу агIор кхочуш хилар.

Дукхаъ кхачамбацарш ду цигахь. Оьрсийчоь, шен агIор, и кема сепаратистийн карахь чудеана дац бохург тIечIагIдан некъаш лоьхуш ю. Суна хетарехь, бакъдерг цу шинна а агIонна хууш ду, амма юкъараллийна и бакъдерг довзийта сиха бац уьш. ХIора а агIо шен-шен верси нийса ю ала тоьшаллаш лоьхуш ю“.

Цу юкъана я Нидерландаша а, я Оьрсийчоьно а зорбане даьхначу рапорташкахь жоп луш дац коьртачу хаттарна – беллачийн гергарчарна маца билгал хуур ду, шайн нах сел къиза байъарна куьг-бехкенарш маца мичахь жоьпалле озор бу бохучунна. Хетарехь, 300 герга стаг а вуьйш, чудаийтинчу кеманца хилларг а, и бохам баьккхинчеран цIераш а кхин а ехачу ханна ма-дарра ца евзаш йиса мегаш ю.