Your browser doesn’t support HTML5
Шаймиев Минтимер дуккха а шерашкахь лаьттира ГIезалойчоьнан президентан даржехь. ХIинца а иза Оьрсийчохь уггаре а лараме болчу политикех цхьаъ ву. Кху деношкахь Казанехь республикан президентан Минниханов Рустаман инаугураци йолуш цо юха а дагаяийтира ГIезалойчоьнан суверенитет.
1990 шеран Марсхьокху-беттан 8-чу дийнахь, Уфахь вистхуьлуш, Оьрсийчоьнан президенто Ельцин Бориса дIахьедар дира, «Шайга кхаллалур йолччула суверенитет схьаэца" аьлла. Оьрсийчоь юхуш йолун дела и гIуллакх сацор Iалашонца аьллера цо иза бохуш, дуьйцу тахана. Иза мухха а хиллехь а, цул тIаьхьа 1990-чу шарахь кхо бутт балале, массо а аьлча санна автономин республикаш дIакхайкхийра шайн суверенитеташ.
ТIаьхьо, кхечу союзан республикаш санна, керла барт бан безаш бара цара керла Советан пачхьалкх кхуллуш. Амма иза цахилира. Советан пачхьалкх юьйхира. Цу юкъайогIуш хиллачу республикех йозуш йоцу пачхьалкхаш хилира.
Ткъа 1992-чу шарахь Охан-беттан 31-чу дийнахь Оьрсичийчоьнан Федерацина юкъайогIуш йолчу автономийн республикаша керла федеративан барт бира. Царна юкъахь яцара ГIезалойчоь а, Нохчийчоь а. Амма 1993-чу шарахь тIеэцначу Оьрсийчоьнан Конституцица а догIуш, и ши республика юкъатоьхнера Оьрсийчоьнна, цуьнан субъекташ санна. Нохчийчоь баккъалла а йозуш йоцуш хила гIоьртира, амма шина тIамах чекхяьлча эххаре а йисина иза Кремлан урхаллан къеллахь.
Дуьххьара дуьйна автономийн суверенитеташ хилар бакъонца догIуш дац аьлла дIакхайкхийра Оьрсийчоьнан Iедалша. Цу республикаш шаьш йозуш йоцуш ю бохуш дIахьедарш динехь а, уьш цу кепара хуьлийла дац олий, сацамаш тIеэцара Оьрсийчоьнан Конституцин кхело.
Эххаре а 2002-чу шарахь Охан-беттан 19-чу дийнахь ГIезалойчоьнан Пачхьалкхан кхеташоно тIеийцира керла Конституци. Иза кхоччуш йогIуш яра Оьрсийчоьнан Конституцино хьохучуьнца. Вуьшта аьлча, ГIезалойчоь дIакхийтира кхечу Кремлана муьтахь йолчу республикехь. Сепаратизм цу хенахь дуьйна эшиийна лоруш ю Оьрсийчохь.
Амма иза дац гIезалой шайн йозуш йоцу пачхьалкх кхолла лууш бац бохург. Тамашийна дерг ду гIезалоша, мухха хьехаяхь а, суверенитет хьехош хилар. Гезгмашин-беттан 18-чу дийнахь юха а президент хаьржина Минниханов Рустам цу дарже дIахIуттуш хиллачу гуламехь вистхилира Шаймиев Минтимер.
ГIезалойчоьнан суверенитетах лаьцна иштта элира цо: «ГIезалойн Hеспубликаy а, Оьрсийчоьнан а Конституцешца а догIуш, ГIезалойчоь, республика ю, пачхьалкх ю, пачхьалкхан суверенитет а йолуш, бакъонаш еъкна".
Оьрсийчоьнан Федерацин юкъаметтигаш кхачаме ялош шайн пачхьалкхалла дузур ду шаьш бохуш вара Шаймиев.
Кхеташ ду, ГIезалойчоь йозуш йоцу пачхьалкх йоций. Кремло аьлларг кхочуш цадан йиш йолуш цахилча ца хуьлу йозуш йоцу пачхьалкх. Амма кхана, цIеххьана цхьаъ хилла, Оьрсийчоьнна юкъахь йолчу республикашна юха а шайн статус хийца дагадагIахь, ГIезалойчоь цу гIуллакхана мелла а гIоле кечйелла ю ала мегар ду. Билгалонаш дуккха а ю. Изза кхиъна йолу экономика, школашкахь Iамош а, кхиош а, ларбеш а болу ненан мотт, дуьненаюкъарчу уьйрашна мелла а юкъаозийна хилар.
Кху деношкахь «Бизнес онлайн» олучу интернет портало зорбане яьккхина «ГIезалойчоьнах дозалла дан долу 100 бахаьана» цIе йолу материал.
Цу юкъахь ю кеманаш а, хIордан кеманаш а, машенаш а, кхун заманахьлера техника а арахоьцу заводаш, дуьненна а евзаш йолу гIишлош, дуьненна а бевзаш болу къоман културан векалш, спортан тобанаш а, спортан инфраструктура а иштта дIа кхин а. ГIезалойн ю шайн интернет домен. Iедалан структураш а ю цу республикехь оьшуш ма-хиллара кепе ялийна.
ГIезалойчоь хьахош, йиц ца ло Нохчийчоь... Цуьнан кхоллам муха хир бу те? Муха хир дара те жоьпаш, нагахь таллам бича, хIун ду тахана Нохчийчоьнах дозалла дан аьлла? Iедалан кеп, болх беш йолу заводаш, фабрикаш, кхузамахьлера технологин кхоьчаллаш арахоьцу индустри? Ткъа уггаре коьртаниг къоман мотт, цуьнан культура, нохчийн халкъехь долу хьал?
Нохчийчура Iедалан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьехна, къаьмнийн республикийн президентийн цIе хуьйцуш низам тIеийцира Оьрсийчохь. Цу низамца а догIуш, тIедогIучу шарахь шен цIе хийца езаш ву ГIезалойчоьнан президент а. Амма Шаймиевс ша дуьхьал ву боху цунна. "Президент" дош гочдалуш дац оьрсийн матте а, гIезалойн матте а, цундела бу цу дашехь ницкъ а, ларам а элира цо.
Дукха хан йоцуш Казанера бизнесхо Латыпов Нияз хилира Соьлж-ГIалахь, "Дийна журналан" блоггерийн цхьаьнакхетарехь. Кадыров а веанера цига. Латыповс ГIезалойчоь а, Нохчийчоь а цхьаьтера хета шена аьлча, Кадыровс жоп делира цунна и ши республика вовшашца юста оьшаш дац аьлла. Цо дийцарехь, ГIезалойчохь кхиина индустрин республика ю, ткъа Нохчийчоь мелла а юртбахаман регион ю, цигахь хилларг а дохийна йолу аьлла.
Оьрсийчоьнан Iедалша тIом дIабаьлла аьлла дIакхайкхийна даьлла 15 шо. Республика хийцаелла. Нохчийчурча Iедалша хьехош яц суверенитет. Мелхо а цара юх-юха а хьехадо шаьш Кремлна муьтIахь хилар. Иза а хила мега ГIезалойчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъахь йолу башхалла.