Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дикачу агIор мах хадор алсамдолуш ду бохуш чIагIдо Оьрсийчурча ВЦИОМ талламан центро.
Ерриг Оьрсийчоьнан юкъараллана хетарг толлучу центро (ВЦИОМ) жамIаш довзийтина Нохчийоьнан куьйгалхочух лаьцна Оьрсийчуьрчу бахархошна хетарг толлуш шаьш бинчу белхан.
Кадыров дика вевзаш ву Оьрсийчуьрчу юкъараллана, хаам бо ВЦИОМ-о шен сайт тIехь. Кадыровн цIе дуьххьара хезнарш бац 6 процент бахархой а бен. 2 процент респондентийн дала жоп ца хилла, иза мила ву, хIун дарца вевзаш ву иза бохучу хаттарна. Амма дукхахболу ВЦИОМ-о шен талламанна юкъаозийначу нехан аьтто баьлла мухха хадийна а, Кадыровн мах хадо.
Жоьпашна юкъахь алсам ду Кадыровн цхьа а мах хадош доцу – Нохчийчоьнан куьйгалхо жоп (70%). Кхечу жоьпашна юкъахь уггаре алсам дерш ду Кадыровн дикачу агIор мах хадораш.
Иштта, Нохчийчура хьал цхьана хорша дерзийна стаг ву аьлла хета иза 5 процентан ВЦИОМ-о бинчу талламехь дакъалаьцначу нахана. «Дика адам а, дика стаг а» ву боху Кадыров 4 процент респонденташа. Оццул нах бу Кадыров уггаре хьалха патриот ву аьлла хетарш.
«Медиалогия» компанино йинчу анализца а догIуш, цхьана шарахь зорбанан гIирсашкахь Кадыровн цIе яьккхина 121 оьзурз. Уггаре а дукха хьехийра Нохчийчоьнан куьйгалхо 2016-чу шарахь ГIадужу-баттахь.
Цу хенахь Кадыровс емал винера Ийна ТIеман Исбаьхьаллан Оьрсийчоьнан Кхеташонан президент Емельяненко Федор Соьлж-ГIалахь хиллачу берийн турнирана критика а еш, цигахь даьхна сурташ зорбане дахарна.
Оццу баттахь зорбанан гIирсаша дийцира Кадыров кхоазлагIа а Нохчийчоьнан куьйгалхо хIоттарх лаьцна. Цул сов Оьрсийчоьнан регионийн куьйгалхоша Кадыров декъал веш дIахьедарш дира цуьнан 40 шо кхачарца.
2016 шо схаьэцча Кадыровс шолгIа меттиг яьккхира губернаторийн медиарейтингехь, дагадоуьйту ВЦИОМ-о.
ХIора шарахь дIахьочу «ВЦИОМ- Спутник» талламо гайтарехь, шо-шаре мел долу алсам болуш бу Оьрсийчуьрчу бахархойн Кадыровга болу тешам.
Иштта тIаьхьарчу цхьана шарахь 4 баттахь Кадыров лоручу нехан терахь алсамдаьлла 31 процент тIера 42 проценте кхаччалц. Вуьшта аьлча – 11 процентана.
Кадыровга тешам болчу нехан терахь ду карарчу хенахь 24 процент. 2016 шо долулаш и терахь дара 15 процент.
Кадыров вочу агIор хьахочу наха жоьпаш луш уггаре лакхара терахь 10 процент хилар билгалдоккху ВЦИОМ-о шен сайт тIехь.
Кхин цхьа гайтам а балабо социологаша. Кадыровца бала боцчу нехан терахь лахделла 24 процент тIера 16 проценте кхаччалц.
ВЦИОМ-о чIагIдарехь, ах сов респонденташ (55%) тешна бу Кадыровс беш болу болх махкана пайденна бу бохучух. Иза аьттехьа а бакъ дац аьлла хетачу нехан терахь ду 4 процент. Ткъа 22 процент респонденташна хетарехь, цхьадолу хIуманаш дика ду ала мегар ду Кадыровн. Ткха кхин дерш вон ду аьлла мах хадо мегар долуш ду.
Илларионов Андрей цхьанахенахь болх бина ву Оьрсийчоьнан президентан администрацехь. Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъахь машаран барт бина 20 шо кхачарна хьажийначу конференцехь дакъалоуш вара иза Брюсселехь. Цунах пайда а эцна, Маршо Радион корреспонденто дийхира Илларионовга ВЦИОМ-о гойтучу Кадыровн рейтингашна комментари яр.
Илларионов: "Иза нийса дац. Кадыров Оьрсийчохь везаш хиларх лаьцна аьлча, иза везаш хир ву, гарехь, цо Соьлж-ГIала кхойкхучу а, Iаббалц ахча тосучу а, совгIаташ а, еза хIуманаш а йоькъучу а, шен бассейнаш чохь цо лийчочу а эстрадан седарчашна.
Цу талламийн жамIех лаьцна аьлча, даре дан деза пачхьалкхехь лаьтташ авторитаран политикан раж хилча социологин мах бовш хилар. ХIунда аьлча, социологи маьрша политикан раж, маьрша юкъараллаш йолуш бен болх беш болу гIирс ца хуьлу. Иза болх бечура соцу тоталитаран раж хIоьттича".
Iедало ницкъ бар бахьана долуш бахархошна хетарг хийцадалар гина ду вай бохуш вара Илларионов.
Илларионов: "Вайна вуно дика хаьа муха хийцалора а, хийцало а юкъараллана а, ша схьаэцнача стаганна а хетарг, Iедалан механизмаша Iаткъам беш хилча. Iаткъам беш хилча пропагандица а, террорца а -- цхьацца стаг схьаоьцуш а, берриг а нах хьийзош а еш йолчу террорца.
Пропагандица махкахь лаьттачу хьолах нехан ойла хийцича и нах дIагIур бу оцу пропагандисташа шаьш дIабуьггучу, бохуш вара Илларионов.