"Новая газета": дуккха а нах байъар Iорадаккха воьлла полисхо вийна Нохчийчохь; Оьрсийчоьнан паспорт даккхийтарна Францино депорт йина Нохчийчуьра схьаваьллачунна; Ставропол-мехкан министрийн кабинет дIасахецна -коррупцина духьалояран аудит
Цкъа а ца хиллачу кепара дукха бусалба наха дакъалаьцна Америкехь хиллачу президентан харжамашкахь. Царах 60 сов проценто шайн кхаьжнаш дIаделла президентана Джо Байденна. Цхьаберш хIинца хеташ бу КIайн ЦIийнехь болх беш алсам бусалба нах хилийта беза аьлла.
ТIемалойн хьалханча лаьттинчу Духаев Исрудин ши йоI лачкъийнера полисхоша; ХIинжа-ГIалахь леринчу операцехь вийнарг "ШариIатан джамаIатан" эмир хилла ву; инстаграмехула шен фанаташка вистхилла Чимаев Хьамзат
Нохчийчохь бехктакхаман гIуллакх айдина Британехь вехачу политикна, эмиграцерчу Ичкерин Iедалан хьалханчина Закаев Ахьмадна дуьхьал.
Массо а "банд-баьччанаш" хIаллакбина Къилбаседа Кавказехь, аьлла ФСБ-н директора; Австрехь хенаш тоьхна нохчийн зударшка "гIиллакх лардайта" гIиртинчарна; шина нохчочунна тIелетта 18 стаг лохуш ю Германера полици
Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессан векалийн чоьно низаман проект къобалйина, дукхаха болчу амеркахошна юкъахь 400 миллиард доллар декъар хьокъехь.
"Президента аьлла – караерзо еза". Кадыровс ницкъхой хьовсийна Арктике; UFC-латархо Чимаев Хьамзат Швецера доларчу кеманца дIавигина Кадыровс; Кремлан а, ницкъхойн а сайташ еллалуш яц. ХIун хилла?
Германин къайлахчу сервисаша юкъахдаьккхина оппозицехь волчу блогеран Абдурахманов Тумсон ваша вен кечдина зулам. Масийтта баттахь кечлуш хилла Абдурахманов Мохьаммадна къело ян, хаам баржийна шен YouTube-каналехь Абдурахманов Тумсос.
Абдурахманов Тумсон вешина дан лерина тIелатар юкъахдаьккхина немцойн полисхоша; нохчийн Iедалхоша шайна тIера дIадаьккхина Тепсуркаевх жоьпалла; юха COVID-19 яржарна кхоьру Нохчийчохь
Feeding America (Америка кхабар) гIо-накъостасллин юкъаралло далочу терахьашца, Американ хIора ялхолгIа вахархо таро йоцуш ву аьхна а, дегIанна пайде болу а кхача эца.
Нохчийчоьнан президент лаьттина Масхадов Аслан вийна16 шо кхечи; нохчийн криминалан авторитет меттахь висина; яххьаш къайлайоху духар а, коьрта тохкурш а лелаяйта дуьхьал бу дукхахболчу Швейцарера харжамхой
Нисса 16 шо хьалха, 2005-чу шарахь Зазадоккху-беттан 8-чу дийнахь, Девкар-эвлахь, нехан кертахь вийра Нохчийчоьнан президент Масхадов Аслан. Официалан хаамца, иза яра Оьрсийчоьнан ФСБ-н белхахоша дIаяьхьна леррина операци.
Хьажа кхин дIа а