Путине Соьлжа-ГIалара дехар хьажийна махкахь нах хIаллакбарх долу тоьшаллаш даржорца доьзна; Европан Барто санкцеш тухур ю Висмурадов Абу-Зайдна а, Катаевна Аюбна а; ФСБ-но терроран тохар дечуьра юкъахдаьккхина ша Майкопехь боху. Лаьцна Юккъерчу Азера мигрант
"Новая газето" зорбане даьхна Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу полицин хадаран-къепелатторан полкан белхахо лаьттинчо дина тоьшаллаш. Гезмахмаев Сулимана, шен цIа а ца лечкъош, дийцина Соьлжа-ГIалахь, еш кхел а йоцуш, нах хIаллакбарх лаьцна.
Къилбаседа Кавказехь болх боцуш бисинчарна батте ца кхоччуш тоьар ду шаьш гулдина ахча; Оьрсийчу депорт йина Садуев Илес карош вац гергарчарна; "Новая газето" доьху Iедале шен редакци чохь химин коьчал яржор таллар
Зазадоккху-беттан 12-чу дийнахь Францино депортацин лагерера араваьккхина, кемана а хаийна, Европан хенаца 9 сахьт 20 минот йолуш, Москва доьдучу кеманца дIахьажийна шайн пачхьалкхехь шераш даьхна волу нохчийн мухIажар Садуев Илес.
"Новая газета": дуккха а нах байъар Iорадаккха воьлла полисхо вийна Нохчийчохь; Оьрсийчоьнан паспорт даккхийтарна Францино депорт йина Нохчийчуьра схьаваьллачунна; Ставропол-мехкан министрийн кабинет дIасахецна -коррупцина духьалояран аудит
Цкъа а ца хиллачу кепара дукха бусалба наха дакъалаьцна Америкехь хиллачу президентан харжамашкахь. Царах 60 сов проценто шайн кхаьжнаш дIаделла президентана Джо Байденна. Цхьаберш хIинца хеташ бу КIайн ЦIийнехь болх беш алсам бусалба нах хилийта беза аьлла.
ТIемалойн хьалханча лаьттинчу Духаев Исрудин ши йоI лачкъийнера полисхоша; ХIинжа-ГIалахь леринчу операцехь вийнарг "ШариIатан джамаIатан" эмир хилла ву; инстаграмехула шен фанаташка вистхилла Чимаев Хьамзат
Нохчийчохь бехктакхаман гIуллакх айдина Британехь вехачу политикна, эмиграцерчу Ичкерин Iедалан хьалханчина Закаев Ахьмадна дуьхьал.
Массо а "банд-баьччанаш" хIаллакбина Къилбаседа Кавказехь, аьлла ФСБ-н директора; Австрехь хенаш тоьхна нохчийн зударшка "гIиллакх лардайта" гIиртинчарна; шина нохчочунна тIелетта 18 стаг лохуш ю Германера полици
Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессан векалийн чоьно низаман проект къобалйина, дукхаха болчу амеркахошна юкъахь 400 миллиард доллар декъар хьокъехь.
"Президента аьлла – караерзо еза". Кадыровс ницкъхой хьовсийна Арктике; UFC-латархо Чимаев Хьамзат Швецера доларчу кеманца дIавигина Кадыровс; Кремлан а, ницкъхойн а сайташ еллалуш яц. ХIун хилла?
Германин къайлахчу сервисаша юкъахдаьккхина оппозицехь волчу блогеран Абдурахманов Тумсон ваша вен кечдина зулам. Масийтта баттахь кечлуш хилла Абдурахманов Мохьаммадна къело ян, хаам баржийна шен YouTube-каналехь Абдурахманов Тумсос.
Хьажа кхин дIа а