Дуьненан массо а меттигашкара бусалба нах бу Рамадан бутт боьрзуш догIу Ид ал-Фитр (Марха досту де) даздеш.
Кремлехь комментари йина Кадыровс Израил бехке еш динчу къамелан хьокъехь.
Некъан бакъо талхийначуьнга нах къинтIера бахийтина Нохчийчохь
UFC-н чемпионатан нохчийн латархочо Чимаев Хьамзата забар йина латархочо Шлеменко Александара аьллачух лаьцна. Шлеменкос аьллера, нагахь ша UFC-на юкъаэцахь "и юкъаралла ишалара йоккхур ю" ша, ткъа UFC-н чемпионатан юккъерчу дивизионехь латарш инзаре а хир ду аьлла.
Израило динчу тохарша шайх 20 стаг вийна хилар, чIагIдо палестинахоша.
"Оьрсийчоьнан набахташкара Къилбаседа Кавказера бусалбанаш" цIе йолу доклад арахецна анализ яран а, конфликташ ца хилийтаран а центро. Бакъонашларъярхошкахь болчу хаамашца, ислам дин лело тутмакхийн нийсонан бакъо яйар (дискриминаци яр) хуьлуш ду Оьрсийчоьнан колонешкахь.
Кадыровн полкан буьйранчина "Оьрсийчоьнан турпалхо" цIе елла. Нах байъарна бехке хила мега иза, бохуш яздо зорбан гIирсашкахь цунах лаьцна бинчу хаамашкахь.
Байначу баттахь Нохчийчохь ницкъаллин структураша лечкъийна бигначу нехан цIераш яьхна оппозицин IАДАТ телеграм-канало. Жигархойн зерашца, 47 стаг вайна лар йоцуш.
Нохчийчуьра бахархой лецна, холмачалла лелош хилла аьлла, кхоллаеллачу шеконашца. Пачхьалкххан "Грозный" телеканалехь юьхьяьхна цаьргара.
Мархийн беттана лерина сагIадаларан акци дIахьош бу некъа тIехь Гермачигара жигархой. Марха даста хан герга еача ара бовлу уьш, шайн цIахь хьалххе кечйина хурманаш чохь йолу тIоьрмигаш а, хиш а дIасадекъа. Марха достучу хенахь некъаца нисбеллачу нахе марха дастийтар ю кегийрхойн Iалашо.
Бештау ламанан буьххьехь пикет дIаяьхьна жигархоша, Путинан политикана дуьхьал. Новгородера Кавказе садаIа баьхкина хилла уьш.
Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада а, Пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама а чIир кхайкхийна гIалгIайн оппозиционерна Хазбиев Мохьмадна. Шен инстаграмерчу пена тIехь дина цо цунах дIахьедар
Хьажа кхин дIа а