Оьрсийчохь электронан бараме доккхур ду, бахархоша шаьш бехачу меттигехь регистраци яр, олуш ма хиллара, "прописка" яр. Оцу процедурица документашка хьажа оьшуш йолу хан яцйийр ю.
Нохчийчоь оьгIазъяхна «Зенитан» а, Оьрсийчоьнан а футболхойн капитан [хиллачу Дзюба Артемна. Деношкахь цо дийцира, муха дIаяхара Петербургерчу футболхойн матч Соьлжа-ГIалахь. «Гатто хIоттош» хьал дара Нохчийчоьнан шахьарахь, аьлла цо.
Инстаграмерчу шен онлайн-эфирехь къамел дечу юкъанна, шега «шайтIа» ду аьлла яздинарг, лаха а лехна, вуьйр ву ша, аьлла Кадыров Рамзана. Мила ву и стаг хууш дац.
Нохчийчохь карош воцучу Гадаев Мохьмадана ша ваьхначу къилба-малхбузерчу Лакхара Вена департаментан Лимож гIала юхаверзар дихкина Францин Пачхьалкхан Кхеташоно, хаам бо Кавказ.Реалиино
Америкерчу бусалбан юкъараллаша бойкот йина сийлахь Рамадан бутт дIаберзарца доьзна кIиранан-дийнахь КIайн ЦIийнехь хиллачу виртуалан Ид ал-Фитр (Марха досту де) даздеш, царна хетарехь, Байденан администрацино Израило палестинахошна тIехь ницкъ барна гIортор ярна.
Ставропол-махкара вахархо Куванаев Багаудин лаьцна Iедалша, 1999-чу шарахь, Басаев Шемила а, Эмир Хаттаба а куьйгалла деш, Дагестанна динчу тIелатарехь дакъалаьцна хила мега аьлла шеко йолуш.
"Спутник V" вакцинан башхаллех шек бу Lancet журналан авторш
Дуьненан массо а меттигашкара бусалба нах бу Рамадан бутт боьрзуш догIу Ид ал-Фитр (Марха досту де) даздеш.
Кремлехь комментари йина Кадыровс Израил бехке еш динчу къамелан хьокъехь.
Некъан бакъо талхийначуьнга нах къинтIера бахийтина Нохчийчохь
UFC-н чемпионатан нохчийн латархочо Чимаев Хьамзата забар йина латархочо Шлеменко Александара аьллачух лаьцна. Шлеменкос аьллера, нагахь ша UFC-на юкъаэцахь "и юкъаралла ишалара йоккхур ю" ша, ткъа UFC-н чемпионатан юккъерчу дивизионехь латарш инзаре а хир ду аьлла.
Израило динчу тохарша шайх 20 стаг вийна хилар, чIагIдо палестинахоша.
Хьажа кхин дIа а