Америкерчу бусалбан юкъараллаша бойкот йина сийлахь Рамадан бутт дIаберзарца доьзна кIиранан-дийнахь КIайн ЦIийнехь хиллачу виртуалан Ид ал-Фитр (Марха досту де) даздеш, царна хетарехь, Байденан администрацино Израило палестинахошна тIехь ницкъ барна гIортор ярна.
Ставропол-махкара вахархо Куванаев Багаудин лаьцна Iедалша, 1999-чу шарахь, Басаев Шемила а, Эмир Хаттаба а куьйгалла деш, Дагестанна динчу тIелатарехь дакъалаьцна хила мега аьлла шеко йолуш.
"Спутник V" вакцинан башхаллех шек бу Lancet журналан авторш
Дуьненан массо а меттигашкара бусалба нах бу Рамадан бутт боьрзуш догIу Ид ал-Фитр (Марха досту де) даздеш.
Кремлехь комментари йина Кадыровс Израил бехке еш динчу къамелан хьокъехь.
Некъан бакъо талхийначуьнга нах къинтIера бахийтина Нохчийчохь
UFC-н чемпионатан нохчийн латархочо Чимаев Хьамзата забар йина латархочо Шлеменко Александара аьллачух лаьцна. Шлеменкос аьллера, нагахь ша UFC-на юкъаэцахь "и юкъаралла ишалара йоккхур ю" ша, ткъа UFC-н чемпионатан юккъерчу дивизионехь латарш инзаре а хир ду аьлла.
Израило динчу тохарша шайх 20 стаг вийна хилар, чIагIдо палестинахоша.
"Оьрсийчоьнан набахташкара Къилбаседа Кавказера бусалбанаш" цIе йолу доклад арахецна анализ яран а, конфликташ ца хилийтаран а центро. Бакъонашларъярхошкахь болчу хаамашца, ислам дин лело тутмакхийн нийсонан бакъо яйар (дискриминаци яр) хуьлуш ду Оьрсийчоьнан колонешкахь.
Кадыровн полкан буьйранчина "Оьрсийчоьнан турпалхо" цIе елла. Нах байъарна бехке хила мега иза, бохуш яздо зорбан гIирсашкахь цунах лаьцна бинчу хаамашкахь.
Байначу баттахь Нохчийчохь ницкъаллин структураша лечкъийна бигначу нехан цIераш яьхна оппозицин IАДАТ телеграм-канало. Жигархойн зерашца, 47 стаг вайна лар йоцуш.
Нохчийчуьра бахархой лецна, холмачалла лелош хилла аьлла, кхоллаеллачу шеконашца. Пачхьалкххан "Грозный" телеканалехь юьхьяьхна цаьргара.
Хьажа кхин дIа а