Вакцина тоьхна боцчарна, уьш цомгуш хилахь, дарба лелор дац, аьлла Кадыровс.
Шайхан Мансуран цIарахчу батальонан командира ЧIеберлойн Муслима боху: Украинехь шайн тобанна санкцеш кхайкхорна декъах хила мега оьрсийн леррина сервисаш. Украинин кхерамазаллин сервисо цкъачунна жоп ца делла Кавказ.Реалиино оцу дIахьедарх лаьцна динчу дехарна.
"ШайтIа-флешмоб" йолийна социалан машанехь Кадыровна дуьхьал.
Украинин Къоман кхерамазаллин кхеташоно санкцеш кхайкхийна Шайхан Мансуран цIарахчу шайн лаамехь вовшахкхеттачу нохчийн тIемалойн батальонан командирана ЧIеберлойн Муслимна а, оцу тIеман тобан масех тIемалочунна а дуьхьал.
Оьрсийчоьнан Швецера векал жоп дала тIекхайкхина Абдурахманов Тумсо бахьанехь.
"Шашлык-Машлык" олу туризман а, жигара садаIаран а ЙоьалгIа фестивал дIаяьхьна Соьлжа-ГIалахь шотдийнахь. Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийчура а, Къилбаседа Кавказерчу республикашкара а, кхин йолчу регионашкара а кIегашна тIехь жижиг датта говзалла йолу кхачанчаш.
Чӏулга-Юьртара Мадуев Абубар дика вевза блогер ву Нохчийчохь а, махкал арахьа а. Могашалла дика яц аьлла кIелтаьIна ца Iаш, ша санна цамгарца болчу нахана, къаьсттина берашна гIо дан гIерта иза.
"Дождь" телеканало кехат хьажийна Оьрсийчоьнан Талламан комитете, ницкъ бийр бу бохуш кхерам тасарца журналистана болх беш новкъарло ярна бехктакхаман гIуллакх долор доьхуш
Инстаграммерчу цхьана комментарехь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан шайтIа ду аьллачу кхиазхочун дас а, гергарчара а къинтIера валар дехна цуьнга. Видео гайтина "Грозный" пачхьалкхан телеканало, хаам бо Свобода Радионо.
Оьрсийчохь электронан бараме доккхур ду, бахархоша шаьш бехачу меттигехь регистраци яр, олуш ма хиллара, "прописка" яр. Оцу процедурица документашка хьажа оьшуш йолу хан яцйийр ю.
Нохчийчоь оьгIазъяхна «Зенитан» а, Оьрсийчоьнан а футболхойн капитан [хиллачу Дзюба Артемна. Деношкахь цо дийцира, муха дIаяхара Петербургерчу футболхойн матч Соьлжа-ГIалахь. «Гатто хIоттош» хьал дара Нохчийчоьнан шахьарахь, аьлла цо.
Инстаграмерчу шен онлайн-эфирехь къамел дечу юкъанна, шега «шайтIа» ду аьлла яздинарг, лаха а лехна, вуьйр ву ша, аьлла Кадыров Рамзана. Мила ву и стаг хууш дац.
Хьажа кхин дIа а