"Эстемирова Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхехула сацам бина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Нохчийн бакъоларъярхо ерах жоьпалла Iедалхошна тIехь хиларх тоьшаллаш ца карийна кхелахошна, амма билгалдаьккхина зулам кхачам боллуш теллина цахилар.
1996-чу шарахь Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь Хасу-Юьртахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнан Ичкери республикана а юкъахь машаран бертан кехатна куьйгяздира нохчий эскаран буьйранчас Масхадов Аслана а, Кремлан векало Лебедь Александра а. Махкара арадаха сацийра Оьрсийчоьнан эскарш
Лукашенко Александр винчу денца декъал вина Кадыров Рамзана. Ша "бакъ волу политик ву иза" аьлла цунах лаьцна Кадыровс. Шо а ду Беларусехь политикан кризис лаьтта. Малбузен мехкаша пачхьалкхан президент санна тIе ца оьцу Лукашенко.
Нохчийчуьра вахархочуьнгара Вахаев ШахIабера, талор а деш, 30 миллион сом ахча даккхарна шеко йолуш жоьпе озийна Москвара наркотикаш йохка-эцарца къийсам латточу декъан полисхо
"Антифейкийн тобанаш" аьллачу декъе волонтераш гулбеш хиларх хаийтина Нохчийчуьрчу Iедалехьа йолчу "Молодая Гвардия Единой России" юкъараллин вовшахтохаралло. "Харжамийн каппашкахь къепе йохийна меттигаш Iорабаха" Iалашо ю церан. Харжарх чекхваьлла хIинцале а 56 стаг.
Оьрсийчуьра кхийолу регионаш гIертачу дахаран дикачу хьелийн тIегIане кхаьчна республика аьлла Кадыров Рамзана. Баккъал а йолчу статистико Нохчийчуьра социалан-экономикан хьал гIаддайна гойту: мискалла, лоьрийн къоьлла, белхазалла
Russia Today (Оьрсийчоь Тахана) пачхьалкхан агенталлана юкъайогIучу RT (Russia Today) телеканало монтаж йина ша гайтинчу Афганистанерчу мухIажарийн суьртана, нехан коча герзаш а ухкуш, яздо Карара Хан (Настоящее Время) телеканала
Талламан комитето нах лечкъорах, ницкъбарх, байарх йоллу факташ яц толлуш, "Новая газето" пачхьалкхан векалшна доцург кхоьллина хилар ду толлуш аьлла, дIахьедина бакъоларъярхоша.
Кадыров Ахьмадан 70 шо кхачар даздеш школашкахь а, берийн бошмашкахь а концерташ а хIиттийра, байтийн а, суьртийн а къовсамаш а дIабаьхьира Нохчийчуьрчу Iедалхоша. Яржийначу видеошна тIехь бераша хеставо республикан президент лаьттина Кадыров Ахмат
Яхначу буса пхи стаг лаьцна ПIаьнгазан чIожерчу шина эвлахь дIаяьхьначу спецоперацехь. Лецначийн гергарчара бахарехь, церан хIусамех хьийсина бац, кегийрхойн мобилан телефонаш дIаяхьар доцург
Дагестанан ламарчу кIошташкахь меттигерчу бахархошца цхьаьна Iовраша ваьхьна пхи стаг лоьхуш бу орцанхой. Оршотан суьйранна цIеххьана, ша а тухуш, чехка догIа а тоьхна, ломахь йисна 30 стагах лаьтта туристийн тоба Гунибан кIоштахь.
Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира Соьлжа-ГIаларчу дуьненаюкъарчу аэропортана Кадыров Ахьмадан цIе тиллина. Кадыров Ахьмадан 70 шо кхаьчначу дийнахь куьйгъяздина цу хьокъехь арахецначу омрана
Хьажа кхин дIа а