Нохчийн Республика йозуш йоцуш пачхьалкх хилар дIакхайкхийна 30 шо кхаьчна тахана. 1991-чу шеран Гезгмашин-беттан 6-чохь Нохч-ГIалгIайн Республикан Лаккхарчу Кхеташоно шен декхарш охьадехкира, цул а шо хьаха ша тIеэцначу декларацина тIе а тевжина
Нохчийн халкъан турпалхой, доккхачу декъанна, шейх Мансур, Бенойн Байсангур, Таймин Биболат, Адин Сурхо, уьш гIиртина Нохчийчоь таханалерачу кепе ялон, дIахьедина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана
ММА-н латархочо, Hardcore латарийн декъашхочо, Акаб цIарца дика вевзачу Кулицкий Артура шена къинтIераваьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, ишта, "Оьрсийчоьнан Iедал а, къам" а.
Шайн махка лестачу туристашна лерина брошюра арахецна ГIалгIайчуьрчу Джейрахан кIоштан администрацино. Туристаша регионехь лело дезачу гIиллакхех а, царна тIехь хила дезачу духарх а дIахьедина цара
Японин Iедалхошна мекха лоцуш доцу болат хааделла Moderna вакцинаца. Цунах лаьцна ма-дарра ду Рейтеран репортажехь.
"Эстемирова Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхехула сацам бина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Нохчийн бакъоларъярхо ерах жоьпалла Iедалхошна тIехь хиларх тоьшаллаш ца карийна кхелахошна, амма билгалдаьккхина зулам кхачам боллуш теллина цахилар.
1996-чу шарахь Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь Хасу-Юьртахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнан Ичкери республикана а юкъахь машаран бертан кехатна куьйгяздира нохчий эскаран буьйранчас Масхадов Аслана а, Кремлан векало Лебедь Александра а. Махкара арадаха сацийра Оьрсийчоьнан эскарш
Лукашенко Александр винчу денца декъал вина Кадыров Рамзана. Ша "бакъ волу политик ву иза" аьлла цунах лаьцна Кадыровс. Шо а ду Беларусехь политикан кризис лаьтта. Малбузен мехкаша пачхьалкхан президент санна тIе ца оьцу Лукашенко.
Нохчийчуьра вахархочуьнгара Вахаев ШахIабера, талор а деш, 30 миллион сом ахча даккхарна шеко йолуш жоьпе озийна Москвара наркотикаш йохка-эцарца къийсам латточу декъан полисхо
"Антифейкийн тобанаш" аьллачу декъе волонтераш гулбеш хиларх хаийтина Нохчийчуьрчу Iедалехьа йолчу "Молодая Гвардия Единой России" юкъараллин вовшахтохаралло. "Харжамийн каппашкахь къепе йохийна меттигаш Iорабаха" Iалашо ю церан. Харжарх чекхваьлла хIинцале а 56 стаг.
Оьрсийчуьра кхийолу регионаш гIертачу дахаран дикачу хьелийн тIегIане кхаьчна республика аьлла Кадыров Рамзана. Баккъал а йолчу статистико Нохчийчуьра социалан-экономикан хьал гIаддайна гойту: мискалла, лоьрийн къоьлла, белхазалла
Russia Today (Оьрсийчоь Тахана) пачхьалкхан агенталлана юкъайогIучу RT (Russia Today) телеканало монтаж йина ша гайтинчу Афганистанерчу мухIажарийн суьртана, нехан коча герзаш а ухкуш, яздо Карара Хан (Настоящее Время) телеканала
Хьажа кхин дIа а