Нохчийчохь бакъонаш Iалашъеш цахиларх лаьцна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена шога динчу дIахьедарна жоп лучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республике кхайкхина иза. Шен Telegram агIонехь пост хIоттийна Кадыровс цунах лаьцна, яздо ТАСС агенталло
2006-чу шарахь Оьрсийчоьнан ФСБ-н хилла белхахо Литвиненко Александр верах жоьпалла Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоьнна тIехь хилар тIечIагIдина. Литвиненкон хIусамнанна 100 эзар евро компенсаци яла декхарелахь йина Оьрсийчоь
1997-чу шарахь хаьржина Нохчийчоьнан президент Масхадов Аслан вина 70 шо кхочу тахана. Маршо Радионо карладоккху цуьнца тIаьххьара хилла къамел, къоман иэсехь дисна цуьнан аз а хозуьйтуш
Рекорд а хIоттош, Нохчийчоьнан куьйгалхочун харжамашкахь толам баьккхина карарчу хенахь мехкан урхалла дечу Кадыров Рамзана, яздо меттигерчу хаамийн гIирсашкахь. Листинчу 100 протоколашлахь 99,7 процент наха кхаьжнаш дIаделла цунна. Тахана, Гезгмашин-беттан 20-чохь дина оцу кепара дIахьедар ЦИК-н ин
Юккъерчу школашкахь Афганистанехь доьшу зудабераш школе чу ца дитина кху беттан 18 - чохь. "Талибанан" боламерчу Афганистанан керла урхалхоша омра дина школе бахка божаршна а бен ца магош
Пачхьалкхан думан харжамашкахь кхажтасар тIекхачале де хьалха Нохчийчохь "Единая Россия" партин баннерш бен ца йисна. Кхечу партийн кандидатийн дерриг а суьрташ дIадаьхна республикехь
Нохчийчохь харжамаш тIекхочуш а болуш, Ичкерин заманахь хилла хьаькамаш схьа а гулбина, цаьрца масех сахьтехь дехха къамелаш дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана
НТВ-н телеканалан эфирехь сюжет гайтина, нарколепси лазарца йолчу Чита гIаларчу яхархочун нанас Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен йоIана "Iаламате дарбадарх" лаьцна дуьйцуш. Цо чIагIдарца, Кадыровс КъорIан дешча хилла ду и "Iаламат
Нохчийчуьра вахархо лаьцна "Москва-Иркутск" кемантIехь, цо къола дина хила мега аьлла шеко йолуш. Лачкъийнарг ду лаххара 10 эзар сом
Туркойчохь вехачу Халитов Хьасана а, Бельгехь дIатарвеллачу Мамакаев Iилмана а дийцина, Истанбулехь нохчийн хиллачу полисхочунна йиттинчул тIаьхьа Нохчийчохь лецна шайн гергарнаш дIахецна хиларх лаьцна
Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамнене Кадырова Меднега даийтина баркаллин кехат дIаделла Кадыров Рамзана. Шен цIийнаннана декъал а еш, гулбеллачара куьйгаш а детташ, барам хIоттийнера цо
Нохчийчуьрчу экс-полисхочун Арсанукаев Ахьмадан гергарчара чIир кхайкхийна ХалитовгIеран а, НаурбаевгIаран а цIийнах болчу нахана. Истанбулехь вехаш хиллачу шена а, шен доьзална а, кхерамаш туьйсуш, тIелеттера, боху Арсанукаевс махкахой.
Хьажа кхин дIа а