Нохчийчуьра вахархо лаьцна "Москва-Иркутск" кемантIехь, цо къола дина хила мега аьлла шеко йолуш. Лачкъийнарг ду лаххара 10 эзар сом
Туркойчохь вехачу Халитов Хьасана а, Бельгехь дIатарвеллачу Мамакаев Iилмана а дийцина, Истанбулехь нохчийн хиллачу полисхочунна йиттинчул тIаьхьа Нохчийчохь лецна шайн гергарнаш дIахецна хиларх лаьцна
Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамнене Кадырова Меднега даийтина баркаллин кехат дIаделла Кадыров Рамзана. Шен цIийнаннана декъал а еш, гулбеллачара куьйгаш а детташ, барам хIоттийнера цо
Нохчийчуьрчу экс-полисхочун Арсанукаев Ахьмадан гергарчара чIир кхайкхийна ХалитовгIеран а, НаурбаевгIаран а цIийнах болчу нахана. Истанбулехь вехаш хиллачу шена а, шен доьзална а, кхерамаш туьйсуш, тIелеттера, боху Арсанукаевс махкахой.
Нохчийн Республика йозуш йоцуш пачхьалкх хилар дIакхайкхийна 30 шо кхаьчна тахана. 1991-чу шеран Гезгмашин-беттан 6-чохь Нохч-ГIалгIайн Республикан Лаккхарчу Кхеташоно шен декхарш охьадехкира, цул а шо хьаха ша тIеэцначу декларацина тIе а тевжина
Нохчийн халкъан турпалхой, доккхачу декъанна, шейх Мансур, Бенойн Байсангур, Таймин Биболат, Адин Сурхо, уьш гIиртина Нохчийчоь таханалерачу кепе ялон, дIахьедина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана
ММА-н латархочо, Hardcore латарийн декъашхочо, Акаб цIарца дика вевзачу Кулицкий Артура шена къинтIераваьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, ишта, "Оьрсийчоьнан Iедал а, къам" а.
Шайн махка лестачу туристашна лерина брошюра арахецна ГIалгIайчуьрчу Джейрахан кIоштан администрацино. Туристаша регионехь лело дезачу гIиллакхех а, царна тIехь хила дезачу духарх а дIахьедина цара
Японин Iедалхошна мекха лоцуш доцу болат хааделла Moderna вакцинаца. Цунах лаьцна ма-дарра ду Рейтеран репортажехь.
"Эстемирова Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхехула сацам бина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Нохчийн бакъоларъярхо ерах жоьпалла Iедалхошна тIехь хиларх тоьшаллаш ца карийна кхелахошна, амма билгалдаьккхина зулам кхачам боллуш теллина цахилар.
1996-чу шарахь Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь Хасу-Юьртахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнан Ичкери республикана а юкъахь машаран бертан кехатна куьйгяздира нохчий эскаран буьйранчас Масхадов Аслана а, Кремлан векало Лебедь Александра а. Махкара арадаха сацийра Оьрсийчоьнан эскарш
Лукашенко Александр винчу денца декъал вина Кадыров Рамзана. Ша "бакъ волу политик ву иза" аьлла цунах лаьцна Кадыровс. Шо а ду Беларусехь политикан кризис лаьтта. Малбузен мехкаша пачхьалкхан президент санна тIе ца оьцу Лукашенко.
Хьажа кхин дIа а