Дуьххьара Балтикерчу флотехь кечамийн къийсадаларш дIахьочу бомбеш еттаран а, ракетийн а авиацино кхуьйсуш йолчу бомбешна тIехь яздина долу „Берлин яккха!“ я „Сталинна тIера“ боху йозанаш гучудаьхнарг „Флот. ком“ цIе йолу, оьрсийн эскаршна гергара сайт яра. Масех де а ду цара и хIума зорбане даьккхина. Амма кхаари дийнахь Германерчу Билд газетано цу артиклан гоч а дина, иза нахала даьккхинчул тIаьхьа бен ца хилла цунах IалагIож.
Къилбаседан а, Iаьржачу ХIурдан а, Iапказ-хIурдан а флотийн ткъех сов экипажаша дакъалоцучу тIеман кечамашкахь СУ-24 а, АН-26 а, ткъа иштта тIеман бир-кеманаш МИ-24 а, КА-27 а дара дакъалоцуш. Цу оьрсийн эскарийн уггаре а элите лоруш йолчу стигал-гIирсаша дакъалоцучу вуно мехалчу кечамашкахь цу кепара питане а, кхерам тийсаре а йозанаш лелош хилар хазнесанна кхераме сигнал лерина немцойн журналисташа.
ШозлагIа дуьненан тIом болчу хенахь фашистийн Германица тIамехь лелийна и паролаш хIинца вайнзаманахьлерчу Оьрсийчохь юха а денйалар ларамза дац, аьлла яздира цу хьокъехь Билд газетано. Оьрсийн эскарехь а, цу пачхьалкхан куьйгаллехь а кхераме синхIоттамаш баьржаш хиларан хьарк ду иза, зорбан гIирсанна хетарехь.
Артиклехь билгалдоккхуш ду, и „Берлин яккха!“ бохучу йозанашца кхелина бомбеш кхуьйсу тIеман кечамаш Берлинан 500 чакхарма бен гена боцуш дIахьош хилар. Иштта цуо тIе тидам бохуьйту, тIаьхьарчу шерашкахь Путин Владимирс куьйгалла дечу Оьрсийчохь советийн зама хесторан политика дIахьош хилар. ХIинца Кремлан муьтIахьчу сепаратисташа оьрсийн эскарийн гIоьнца Украинин малхбалехь беш болу тIемаш а Оьрсийчоьнан юкъараллина фашизмаца къийсам болчуха а гойтуш хилар а хьахадо зорбан гIирсо.
„Бомбешна тIехь „Берлин яккха!“ я „Сталинна тIера!“ боху йозанаш эскархоша яздеш хилар – иза цхьа зене йоцу ностальгия хилла ца Iа, цара гойту Оьрсийчоьнан куьйгаллехь а, эскарехь а яьржаш йолу кхераме тенденцеш“, - бохуш яздо Билд газетин журналисташа.
Оьрсийчоьнан эскарийн а, къайлахчу сервисийн белхийн башхаллаш евзачарна цецволийла доцийла кхеташ ду, хIинца гучудевлларш санна долу кхерамаш туьйсу йозанаш бомбешна тIехь яздар. И саннарг дуьххьара хуьлуш а дац цу пачхьалкхийн нуьцкъаллийн структурашкахь.
Ша а шина шарахь Оьрсийн ракетийн эскарашкахь хилла волчу Байсангуров Iусмана Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь дийцира, могIарерчу салташа цкъа а шайгара дан йиш йолуш и тайпа йозанаш ца хилар, шайн куьйгалхошкара мукъармохь хилчий бен. Нохчийчохь тIом болчу хенахь оьрсийн эскархоша шаьш машаречу ярташна а, гIаланашна а тIейиттинчу бомбешна а, ракеташна а тIехь деш хилла йозанаш а карладехира цуо.
Байсангуров Iусман: „Цу тIехьа лаьтташ ерг кху Оьрсийчоьнан милитаризман политика ю. Шайн эскарийн гIуллакх чIогIа дийцаре а даьккхина, тахана шайн социалан а, экономикан а проблемаш тергал а ца еш, эскарийн ондаллийца кхиамашка кхача гIерташ ю Оьрсийчоь. Массарна а хууш ду, оьрсийн эскар ледарчу хьолехь дуйла. Амма иза иштта доцуш санна, цу эскарна вуно дукха харжаш а еш, цуьнан таронаш дуьненна а гайта гIерташ ду Iедал.
Вайна дагадогIу, Нохчийчохь тIом болчу хенахь, вайн махкахь чуеттачу бомбешна тIехь а яздора цара иштта йозанаш. МогIарерчу салтеша, бакъерг аьлча, иштта политикан чулацам болу хIумнаш ца яздора, цара шайн танкашна тIехь я тIеман машенашна тIехь шайн тIехьийзачу мехкарийн цIераш яздора.
Ткъа бомбешна тIехь хуьлурш кхин йозанаш дара: „ХIара ду шуна тхоьгара!“, „дIалаца шайн, чехаш!“, „ле массо а нохчи!“ боху йозанаш. Ткъа оьсрийн эскарехь хилла волчу хIора а стагана хууш ду, и тайпа йозанаш ракеташна тIехь яздан йиш яц могIарерчу салташа, шайн куьйгалло шаьшка яздойтуш ца хилча.
Яздар хьовха, цу бомбешна а, ракеташна а улле баха а йиш яц церан, куьйгаллина ца хууш. Цундела и йозанаш – уьш Оьрсийчоьнан милитаризман политикан цхьа дакъа ду аьлла хета суна“.
Цу юкъана оьрсийн бомбешна тIехь скандале йозанаш гучудалар бахьана долуш иккхинчу гIовгIан хьокъехь комментари йина с тIеман министралло, и хилам пайдабоцучу баккха гIерташ. Интерфакс агенталлийца шен хиллачу къамелехь цу хьукматан шен цIе йовзийта ца лиинчу векало аьллера, и йозанаш „я могIаречу салтийн Iовдалалла ю, я фотомонтаж ю, я цхьана билгалчу наха Оьрсийчоьнна дуьхьалчу синхьаамех пайда эца гIертар ду“ аьлла.
„Массарна а дика хууш ду, ур-атталла резервашкахь дIабехкина Iохкучу тIеман гIирсанашна тIехь а, ткъа кечамашкахь лелочарна тIехь-м муххале а цхьанна а кепара йозанаш деш доцийла. Цул совнаха, цхьа а немцойн журналист тIаьхьарчу хенахь дIабаьхьначу оьрсийн эскарийн кечамашкахь хилла а вац“, - аьллера тIеман министраллин векало агенталле.
Амма и дешнаш харц хиларан тоьшалла дира „Къамел до Москохано“ бохучу радиостанцица шен хиллачу къамелехь дуьххьара скандале сарташ зорбане даьхначу „Флот. ком“ сайтин коьрта редакторо Сочеванов Сергейс.
„Оха тоьшалла до и сарташ даьхна волу тхайн корреспондент цIена хиларна. Иштта оха тоьшалла до и сарташ цу тIаьхьара хиллачу тIеман-хIурдан флотан кечамашкахь даьхна хилар а, и йозанаш цу кечамашкахь пайда эцначу авиабомби тIехь дина хиларна а“, - элира цуо.
Немцойн а, дуьненан а хаамийн гIирсашка шуьйра дийцаре даьхна долу йозанаш боккъал а оьрсийн эскархоша пайда оьцучу бомбешна тIехь яздина хиларх теша хала дац, масех шо хьалха Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша шайн герз тохаран говзалла цу пачхьалкхан куьйгаллина оппозицехь хиллачу диссидентан Литвиненко Александран портретна тIехь ирйеш хилар дагалаьцча муххале а.
2006-чу шарахь Полшерчу Dziennik хаамийн гIирсан журналисташна гучудаьллера, оьрсийн „Витяз“ цIе йолу леринчу тIеман тобано полоний -210 дIаьвшаца вийна волчу Литвиненко портретна тIе нийсаллина хьежош герз детташ хилар. Герзано Iуьргаш даьхна долчу Литвиненкон сарташ доллучу дуьнентIехь а хаамийн гIирсашкахула даьржира. ХIетахь а гIиртира Оьрсийчоьнан нуьцкъаллин структурийн векалш и хIума дайдан.
„Витяз“ тобан Iаморийн центран куьйгалхочуо Лысюк Сергейс и сарташ деккъа цхьа плакаташ ду, ткъа цу тIера стаг Литвиненко вац, цунах жимма тервогIуш ву элира. Ткъа оьрсийн къайлахчу сервисийн куьйга кIелахь йолчу „Альфа“ тобан ветеранийн ассаоциацин президент волчу Гончаров Сергейс Литвиненкон суртан герз диттинарш коьртана галбевлла нах хила мега элира хIетахь журналисташка, и саннарг оьрсийн нуьцкъаллин структурашкахь лелош дац аьлла чIагI а деш.