Нисса цхьайтта шо хьалха, Зазадоккху-беттан 23-чу дийнахь, Оьрсийчоьнан Iедалша, боьдуш тIом а болуш, Нохчийчохь дIаяьхьира шаьш тIамца дIалаьцначу республикан Конституцин хьокъехь йолу референдум. ХIинца и де шуьйра даздеш ду Нохчийчохь. И хилам баш дIоггара тидам а ца беш бита мегар дара, нагахь кху деношкахь, и тайппа моттаргIанан референдум а йина, Оьрсийчоьно Украинин дакъа долу ахгIайре ГIирма шех дIа ца тоьхнехь.