Кху деношкахь Интернетехь наха хазахетарца хьоьжуш ю, цхьана Нохчийчоьнан аренца йолчу юртахь хиллачу ловзаргахь яьккхина йолу видео. 1уьйранна, ала мегар долуш, д1ах1оьттина т1аьххьалц лаьтта иза, бевзаш болчу республикерчу эшаршлакхархоша самукъа а доккхуш. Кхин цхьа а вон х1ума ала ца лууш билгалдаьккхича, шена т1е тидам бохуьйтуш дерг дара, цигахь халха буьйлучу мехкаршна кара ахчанаш кхийдор.