Талламан комитето нах лечкъорах, ницкъбарх, байарх йоллу факташ яц толлуш, "Новая газето" пачхьалкхан векалшна доцург кхоьллина хилар ду толлуш аьлла, дIахьедина бакъоларъярхоша.
Кадыров Ахьмадан 70 шо кхачар даздеш школашкахь а, берийн бошмашкахь а концерташ а хIиттийра, байтийн а, суьртийн а къовсамаш а дIабаьхьира Нохчийчуьрчу Iедалхоша. Яржийначу видеошна тIехь бераша хеставо республикан президент лаьттина Кадыров Ахмат
Яхначу буса пхи стаг лаьцна ПIаьнгазан чIожерчу шина эвлахь дIаяьхьначу спецоперацехь. Лецначийн гергарчара бахарехь, церан хIусамех хьийсина бац, кегийрхойн мобилан телефонаш дIаяхьар доцург
Дагестанан ламарчу кIошташкахь меттигерчу бахархошца цхьаьна Iовраша ваьхьна пхи стаг лоьхуш бу орцанхой. Оршотан суьйранна цIеххьана, ша а тухуш, чехка догIа а тоьхна, ломахь йисна 30 стагах лаьтта туристийн тоба Гунибан кIоштахь.
Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира Соьлжа-ГIаларчу дуьненаюкъарчу аэропортана Кадыров Ахьмадан цIе тиллина. Кадыров Ахьмадан 70 шо кхаьчначу дийнахь куьйгъяздина цу хьокъехь арахецначу омрана
Кхечу пачхьалкхашкара бахархой Афганистанера арабохуш бу, "Талибана" Iедал шайга дIадерзийначул тIаьхьа. ТIалибийн Iедалх кхоьручу меттигерчу зударшна совбоьвлла шайн доьзалш
Москварчу Тверской кIоштан кхело колонехь даккха пхи шо хан туьйхи цигарчу пачхьалкхан университетан студент волчу Джумаев Сайд-Мухьаммадна. Iедалан векална дуьхьал ницкъбаккхарна бехке вина иза, Оьрсийчоьнан оппозиционер волчу Навальный Алексейгахьа хIоттийначу митингехь омонхойх тийсаваларна
Марсхьокху-беттан 19-чу дийнахь, 30 шо кхечи Советан Пачхьалкхехь ГКЧП олу тоба Iедал карчо гIоьртина. Пачхьалкхан лаккхарчу даржахоша махкахь чолхе хьал кхайкхийра цу дийнахь. Кхаа дийнахь хиллачу путчо йохийра Советан пачхьалкх, цу махкахь дехачу къаьмнийн дахар а хуьйцуш
Социалан машанашкахь йолийна #гдехалимат флешмоб. И хаттар юьхьарлаьцна арабевлла Нохчийчуьра Тарамова Хьалиматца бала кхаьчна лела юкъараллин жигархой. Таханлерчу денна Инстаграмехь а, Твиттерехь а, Фейсбукехь а, ВКонтактхь а бIеннаш посташ гучуевлла оцу хештегца.
Нохчийчуьрчу набахташкара хьал тидамехь латточу юкъараллин тергамхойн комиссино теллина ши ваша Исаев Исмаил а, Магамадов Салехь а латтоy хьелаш. Шаьш шина вешица къамел дина, и шиъ цхьанхьа а вайна вац аьлла, дIахьедина комиссин декъашхоша
Кадыров Ахьмад вина де герга кхочуш Нохчийчоьнан гIаланашкахь а, ярташкахь а цуьнан портреташ а, цунах лаьцна йозанаш тIехь долу баннерш а ю яржийна. Дуьххьара дац КадыровгIеран суьрташ даржор. Къаьсттина дукха го уьш пачхьалкхан а, муниципалан а белхан меттигашкахь
Талибаша, еш дуьхьало а йоцуш, дIалаьцна кIиранан дийнахь Афганистанан коьрта гIала – Кабул, ткъа тIаьхьо дIалецира цара президентан хIусам а. Цу кепара ерриг Афганистан шайн караэцна "Талибанан" администрацино
Хьажа кхин дIа а