Вакцинаци ярх сертификат карахь цахиларна Хасавюртарчу "Терек" базара ца битинчу йохкархоша митинг дIаяьхьна Хасавюртахь. Лоьраш а, хьехархой а санна декхаре бина уьш а вакцинацех чекхбовла.
Нохчийчоьнан Iедалхошна критика еш хилла Нохчийчуьра вахархо, "Венера Анзор" цIарца гоьваьлла Умаров Мамихан верца доьзначу гIуллакхах сацам бина Австрерчу кхелахоша. Зулам дарна бехке вина цуьнан махкахо Ахтаев СарIела.
Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" футболан клубан керла спонсор ю ша аьлла яьлла Кипрехь регистраци йина букмекерийн офис. Нохчийчуьрчу дуккха а бусалбанашна дагахь доцург дара иза – исламо емалдо муьлхха а марзлуш долу ловзарш, хьарамалла лору спорта юкъа ахчанаш дахкар
Саратовхь пхи жима стаг лаьцна веа полисхочунна йиттина аьлла шеко йолуш. Церан адвоката Аликова Юлияс дIахьедарехь, дов даларан бахьана хилла ницкъалаллин структурин белхахоша питана тасар.
Украинин президентана Зеленский Владимирна хетарехь, Оьрсийчоьно дIалаьцна ГIирма а, Донецкан а, Луганскан а кIоштийн территореш а Украино доладан юхаерзор – "хенаца доьзна хаттар" ду, хаам бо Свобода Радионо
World MMA Awards преми яла хьалхатеттина ийначу кепехь латархой Нурмагомедов Хьабиб а, Чимаев Хьамзат а. Организацин сайта тIехь бина цунах лаьцна хаам
Шайхан Мансуран цIарахчу шайн лаамехь вовшахкхеттачу нохчийн батальонан тIемалошна санкцеш кхайкхорна шаьш декъах дац, боху Украинин кхерамзаллин сервисан векалша. Билгалбаьхна нохчийн тIемалой Iаьржачу тептаре бахар Украинерчу министрийн Кабинетан инициатива ю, аьлла дIахьедина СБУ-но
Кхо стаг кхелхина Туркойчоьнан къилбехь, цIерш евлла бохам хилар бахьана долуш. КхоалгIа де ду туркойн Iедалш уьш дIаяйъа гIерташ долу. Церан шеко ю, цIерш леррина теийсина хила мега аьлла.
Нохчийчуьрчу Роспотребнадзор урхалло бинчу хаамца, 309 стаг велла лоруш ву республикехь коронавирус кхетар бахьана долуш. Товбеца-беттан 29-гIа дийне кхаччалц лаьрча, и ун гучдаьлчхьана ерриг а республикехь COVID-19 толлуш йина 1 213 044 тест. Царах 3 920 ю тIаьххьарчу 24-а сахьтехь йина
Токиохь дIахьочу Олимпиадехь борзанан мидал яьккхина 26 шо долчу Австрехь вехачу дзюдон латархочо Борчашвили Шемала. Токиора ловзарш - цуьнан карьерехь дуьххьарлера Олимпиада ю
Товбеца-беттан 23-чу буса Ставрополехь герз тоьхна вийра цигарчу МВД-н урхаллан хьаькаман когаметтаниг, полицин майор Абовян Руслан. И вер дIаяздинера гонаха хуьлучунна терго ечу камерша. Абовян верна куьгбаьхке ву аьлла лаьцна Нохчийчуьра вахархо.
Махкара массо а баккхийчара вакцина яйта еза коронавирусна дуьхьал, 60 процентна тIехь совцийла дац аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Вирусах бахархой кIелхьарабаха цхьаъ бен боцу некъ бу иза, аьлла цо
Хьажа кхин дIа а