Пачхьалкхан "Грозный" телеканалера 45 эзар сом преми кхаьчна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна. Эксклюзиве видео яккхарна баркалла аьлла Кадыровна, къаьсттина билгалдаьккхина, шайн агIоне язбеллачарна мехкан урхалхочо "шен долара тоти йовзийтар".
Ши зуда елла, берхIийтта пассажирна чевнаш йина Воронеж гIалахь еарин сарахь автобус чохь хиллачу эккхийтарехь. Воронежан кIоштан Iедалхоша хаам барехь, ши зуда елла, цхьанна ший а ког дIабаьккхинера аьлла.
Баттахь къевлина а латтийна, шен инстаграмера аккаунт схьайиллина мехкан куьйгалхочун харжамашкахь дакъалоцучу Хаджимурадов Iисас. Нохчийн пабликашкахь наха ша хесто волийча, шен инстаграм-аккаунт дIакъевлинера цо
Оьрсийчуьра бахархой бу Туркойчохь 2021-чу шарахь петарш, цIенош оьцучийн могIарахь кхоалгIанаш, хаам бо пачхьалкхан TurkStat институто. ТIаьххьарчу шерашкахь вуно жигара дIаоьцу цигара хIусамаш Нохчийчийчуьра схьабевллачу наха – даймахкахь бехачу а, Европе дIакхелхинчара а.
"Спутник V" мел йинчу Оьрсийчуьрчу бусулбачийн аьтто бац кху шарахь Iумрат дан. СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалша къобал ца йо оьрсийн вакцинаш
Украинехь шайн картанаш лелочарна Нохчийчоь "Нохчийн республика Ичкери" аьлла билгалъяьккхина Apple компанино. И цIе лелийра респибликано Советан зама йоьхначул тIаьхьа. 1994-чу шарахь Оьрсийчоьно шен эскарш далийра Ичкери, болийра Нохчийчохь хьалхара тIом.
Десятки зданий повреждены в результате ожесточенных боев в Афганистане, мирные жители обратились в бегство. Боевики «Талибана» захватили административные центры трех провинций, в том числе стратегически важный город на севере Кундуз.
Вакцинаци ярх сертификат карахь цахиларна Хасавюртарчу "Терек" базара ца битинчу йохкархоша митинг дIаяьхьна Хасавюртахь. Лоьраш а, хьехархой а санна декхаре бина уьш а вакцинацех чекхбовла.
Нохчийчоьнан Iедалхошна критика еш хилла Нохчийчуьра вахархо, "Венера Анзор" цIарца гоьваьлла Умаров Мамихан верца доьзначу гIуллакхах сацам бина Австрерчу кхелахоша. Зулам дарна бехке вина цуьнан махкахо Ахтаев СарIела.
Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" футболан клубан керла спонсор ю ша аьлла яьлла Кипрехь регистраци йина букмекерийн офис. Нохчийчуьрчу дуккха а бусалбанашна дагахь доцург дара иза – исламо емалдо муьлхха а марзлуш долу ловзарш, хьарамалла лору спорта юкъа ахчанаш дахкар
Саратовхь пхи жима стаг лаьцна веа полисхочунна йиттина аьлла шеко йолуш. Церан адвоката Аликова Юлияс дIахьедарехь, дов даларан бахьана хилла ницкъалаллин структурин белхахоша питана тасар.
Украинин президентана Зеленский Владимирна хетарехь, Оьрсийчоьно дIалаьцна ГIирма а, Донецкан а, Луганскан а кIоштийн территореш а Украино доладан юхаерзор – "хенаца доьзна хаттар" ду, хаам бо Свобода Радионо
Хьажа кхин дIа а