Украинин президентана Зеленский Владимирна хетарехь, Оьрсийчоьно дIалаьцна ГIирма а, Донецкан а, Луганскан а кIоштийн территореш а Украино доладан юхаерзор – "хенаца доьзна хаттар" ду, хаам бо Свобода Радионо
World MMA Awards преми яла хьалхатеттина ийначу кепехь латархой Нурмагомедов Хьабиб а, Чимаев Хьамзат а. Организацин сайта тIехь бина цунах лаьцна хаам
Шайхан Мансуран цIарахчу шайн лаамехь вовшахкхеттачу нохчийн батальонан тIемалошна санкцеш кхайкхорна шаьш декъах дац, боху Украинин кхерамзаллин сервисан векалша. Билгалбаьхна нохчийн тIемалой Iаьржачу тептаре бахар Украинерчу министрийн Кабинетан инициатива ю, аьлла дIахьедина СБУ-но
Кхо стаг кхелхина Туркойчоьнан къилбехь, цIерш евлла бохам хилар бахьана долуш. КхоалгIа де ду туркойн Iедалш уьш дIаяйъа гIерташ долу. Церан шеко ю, цIерш леррина теийсина хила мега аьлла.
Нохчийчуьрчу Роспотребнадзор урхалло бинчу хаамца, 309 стаг велла лоруш ву республикехь коронавирус кхетар бахьана долуш. Товбеца-беттан 29-гIа дийне кхаччалц лаьрча, и ун гучдаьлчхьана ерриг а республикехь COVID-19 толлуш йина 1 213 044 тест. Царах 3 920 ю тIаьххьарчу 24-а сахьтехь йина
Токиохь дIахьочу Олимпиадехь борзанан мидал яьккхина 26 шо долчу Австрехь вехачу дзюдон латархочо Борчашвили Шемала. Токиора ловзарш - цуьнан карьерехь дуьххьарлера Олимпиада ю
Товбеца-беттан 23-чу буса Ставрополехь герз тоьхна вийра цигарчу МВД-н урхаллан хьаькаман когаметтаниг, полицин майор Абовян Руслан. И вер дIаяздинера гонаха хуьлучунна терго ечу камерша. Абовян верна куьгбаьхке ву аьлла лаьцна Нохчийчуьра вахархо.
Махкара массо а баккхийчара вакцина яйта еза коронавирусна дуьхьал, 60 процентна тIехь совцийла дац аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Вирусах бахархой кIелхьарабаха цхьаъ бен боцу некъ бу иза, аьлла цо
СагIийна "Мерседес" машен а елла, шена тIе тидам бахийтина юха а Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан куьйгалхочо рогIера машен елларг ву ша-тайпа куц долу Дагестанера вевзаш волу блогер Магомедов Хасбулла.
Шайх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан тIемалоша дIахьедина, шаьш тIемашкахь дакъалаьцна хилар шеконе дилла гIерташ ю Украинин леррина сервисаш аьлла.
Одессехь вехачу нохчочунна Закариев Мохьмадн нускал далош герз кхийсинера меттигерчу украинахочо. И бахьана долуш цигахь беха иттаннаш нохчийн лецнера полицино. Шайца харцо лелорна вуно халахетта бу уьш
Цхьаволчунна хазахета мега, кзхечунна "кхара хIун леладо те" аьлла хета тарлахь а Устрада-гIаларчу говзанчаша Курбикас а, Асланбека а дийриг. Нохчийн селханалера дахар диц ца далийта гIерта и шиъ
Хьажа кхин дIа а