Your browser doesn’t support HTML5
Касьяновна тIелатар 9 сахьт ах сахьт долуш Москох гIалин юккъехь йолчу цхьана хIумакхоллучу хIусамехь. Ша Касьянов Михаила иштта дийцира хилларг.
Касьянов Михаил: «Селхана сарахь Москох юккъехь йолчу цхьана ресторанехь суна тIелетира, вай олуш ма-хиллара, славянийн юьхь-сибат доцу, къаьсттина Кавказерчу нехан аматаш долу ша стаг. И шиъ суна тIевеара. Царах цхьамма со сийсаз веш мохь а бетташ, кхерамаш а тьуьйсуш, суна тIе торт кхоьссира».
Касьяновс дийцарехь, цуьнга махках вала бохуш хилла тIелатар дина ши стаг. Иза шен политикан жигаралла сацо гIортор ду аьлла хета Касьяновна. Цундела иза зулам ду бохуш вара "Парнас" партин куьйгалхо. Цундела Iедалшка латкъам бина цо.
Касьянов Михаила шена тIелетта ши стаг нохчий вара аьлла дIахьедар цадинехь а, Оьрсийчура хаамийн гIирсаша билгалдоккху уьш Нохчийчура хилла хилар. Политикана тIе торт кхоьссинчу шина стага вовше буьйцург нохчийн мотт бара бохуш, тоьшаллаш даьржина зорбанан гIирсашкахь.
"Коммерсант" газетан корреспонденто Мурадов Мусас дийцарехь, полицино толлуш ду Касьяновца хилла дар-дацар, амма цкъачунна Iедалша цунна тIелатар динарш нохчий хилла, я цахилла аьлла цхьа а дIахьедар дина дац.
Делахь а, къезиг нах бу Касьяновга багалейинарш а, цунна тIе торт кхоьссинарш а нохчийн цахилла аьлла хеташ. Цуьнан бахьана кху деношкахь Кадыровс шен Инстагарммехь йолчу агIон тIехь Касьянов Михаил тIехь волу видео дIахIоттийна хилар ду, тIе хьажийна топ йолуш санна сурт а хIоттош. Цундела Касьяновца Шинарийн сарахь хилларг цуьнца дузу журналситаша аьлла хета Мурадов Мусана.
Касаьяновс а, цуьнан накъосташа а дIахьедарш до хиллачо дохур дац шаьш юьхьарлаьцначу некъара бохуш. Кху беттан 27-чу дийнахь, масала, Москох Немцов Борис дагалоцуш марш дIаяхьа дагахь бу Отрсийчура бакъйолчу оппозицин декъашхой.